Ответ(ы) на вопрос:
Гость
Дага догIу суна тахана, со вина сан нана, Со кара ахь ецна, цу беша вай дахар. Хьайн хаза кIайн куьгаш, стоьмаш тIе кхийдадеш, И генаш охьаийзош, гуш санна хета. Иштта дуьйцу шен иллехь нохчийн вевзаш волчу илланчо Эльмурзаев Бекас. Кхин гIоле хIотталур дуй-те вайн нене болчу безаман сурт?!
Нана. Нена ойла дагчуьра дIаяьлла зама йогIур яц, иза йоцаш йисича а. Массо а нана хаза а, оьзда а, комаьрша а, къинхетаме а, собаре а ю. Кхин а ма дукха ду-кх цуьнца дика хIуманаш.
Нана дIаяьлча йоьIан дагтIера зезаг дужу олуш ду вай. Дика къант ву, ша цомгуш хилла а бен шен да-наний холча ца хIоттийнарг, олуш ду нохчийн киц. Дуьненчу девллача дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна лардеш ду бер ден а, ненан а шега болчу безамо.
Бер доккху хуьлуш, дозалла а деш, хьоьжа шен дега-нене, ма онда а, массо а хIума дан хууш а ву дада, ма хаза, марза ю нана бохуш. Ткъа дас-нанас сатуьйсу шайн берех дика адамаш хиларе, шайн хиллачул а гIоле дахар хир дацар те церан бохуш. Да-наний ду вай дахаран новкъахь дIадуьгурш.
Вайн дайша олуш хилла, да-наний маликаш санна ду олий. Цара лар а вийр ву, кIелхьара а вокхуш ву. Да-наний деза Iама, и шиъ дицдан ца деза, тIаьхьа байттамал ца хилийта. Вайн дайша къонах зуда ю олуш хилла, сий долуш, де долуш, къоманна тIе бала беача, шен дахар дIадала а кийча йолчу зудчух.
Нохчийн къоман актрисо Багалова Зулайс нохчийн мехкарийн а, зударийн а сий дар схьадогIуш ду боху, геннарчу бIешерашкара.
Багалова Зулай: «Вайн массо а наной хилла онда дегнаш долуш. Хаьлха заманчохь чIогIа лоруш хилла зуда. Зудчо корталий даьккхича муьлхха а тIом соцуш хилла. Гуттара хьалха заманахь мостагI чувеача юртахь уггара хаза йоI хоржуш хилла, къайн духарца хьалха йоккхуш хилла иза говрахь. Цунна гонахьа бовлуш хилла кIентий, нагахь санна цунна чIу кхетахь, царна тIе юьхьIаьржо а йогIуш.
Аса ойланаш йора, иза хIунда хилла те бохуш. Иза хилла оцу кIентийн дог ойъуш. Боккха лерам хилла вайнехан зудчуьнга. Тахана а вайн зударий бацахьара вайн къам кхин а алсам хIаллак хилла хир дара. Вайн зударша мацалла ца болуьйту вайн кIентий, майраллица танканашна тIекхиссало уьш».
Вайнаха да-нана ларар дукха кIорга орамаш долуш ду бохуш, дуьйцу нохчийн яздархочо Уциев Абус.
Уциев Абу: «Доьзалан корта да белахь а, оцу доьзалх жоп дала а, доьзал кхаба а, и доьзал кхион а, иза меца ца бита а, цу доьзалехь волуш волчу хIора стагах стаг ван а, йоьIах йоI ян а, шен доьзалан сийн лардан а, яхьа а, сий а, бехк а доьналла а хIун ду кхето а, иза меттахь латто а, оцу долчу а хIуманан дог нана ю. Ненан хьекъале хьажжина хуьлу оцу доьзалан хьекъал а, кхетам а. Вуно деза а, сийлахь а ду доьзална да а, нана а бохург».
Дега а, нене а болу безам цкъа а ца хуьлу тIех сов. ХIунда аьлча, церан шайн берашка болу безам доза доцуш бу, бер муха ду бохучуьнга хьаьжна доцуш. Амма нохчийн гIарваьлла волу композитор а, илланча а Димаев Iела цу тIаьхьарчерах вац. Дукха жима волуш дуьйна кхиина Iела, шен дегара а, ненера а масала оьцуш.
Цундела ларамаза дац дега шен болу безам цо хьулбеш цахилар. Иштта йоккхачу йовхонца дагалоьцу Димаев Iелас шен нана а.
Димаев Iела: «Тхан ненан цIе Асет яра. Цхьа илли дуй-кх «хьала гIаттал, Асет, хьо хьала, халхарча шершаш когаш ду»... Иштта мама 16 шо кхачча ялийнера дадас. Дадин кхерч дика латта бора цо. Култура а, гIиллакх-оьздангаллица дерг а, Iилма а чIогIа дезаш яра тхан нана. Шен берашка а дешийта лаара цунна. Дада, махкана а, халкъана а везаш а, лоруш а стаг волун дела, кхерч латтош доьналла долуш хила езаш яра мама а.
ТIаьхьо «гой шуна, доттагIий, вайн наной къанлуш бу денна"... аьлла сайн доттагIчуьнан Бисултанов Аптин дешнаш тIехь кхоллар хилира сан и илли. Иза 1986-чу шарахь дара. ХIинца санна дагадогIу суна иза. Тхо Хасавюртахь концерт эцна дахана дара, «Зама» ансамбл тхан йолчу хенахь.
Гостиницехь чIогIа шийла яра. Кор цхьа бIаьрг а боцуш дара. Вуно шийла йолуш, чу а вена, вегош Iаш вара со. Сайн нанна уллохь валахьара ма шеллур вацара со бохуш, ойланаш еш Iаш вара со.
Не нашли ответ?
Похожие вопросы